ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь адамаш дайарна саготта ву Бан Ки Мун


Шемахь тIаьхьарчу деношкахь адамашна тIехь ницкъ бар алсам даларна саготта ву Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарла секретар Бан Ки Мун.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло КIирандийнахь арахецначу дIахьедар тIехь дуьйцуш ду ХIама-гIалана гена йоцуш йолчу Аграб-эвлахь дуккха а адамаш дайарх лаьцна а, Асад Башаран Iедалша гIаттамхошна тIе яккхийн ракеташ етташ хиларх лаьцна а.

Цу документаца а догIуш, бомбанаш а йиттина, адамаш дайина цара Димашкъехь йолчу Ярмук олучу меттехь бехачу Палестинерчу мухIажирашна юкъахь. Бан Ки Муна дагадаийтина адамаш дехачу меттигашкахь тIемаш дар а, маьрша бахархошна тохарш дар а тIеман зулам лоруш хилар.
XS
SM
MD
LG