ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан ши махкахо лачкъийна Шемахь


Оьрсийчоьнан ши махкахо лачкъийна Оршотан дийнахь Шемахь. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Оьрсийн Димашкъерчу дипломаташ дийцарехь, цаьршинца лачкъийна кхин а цхьа стаг. Иза ву Италера вахархо.

И тIелатар дина уьш машенахь ХIомс-гIалара Тартус-гIала боьлхуш болуш. Лачкъийнарш бу «Хмишоико» цIе йолчу болат даран заводан белхахой. Оьрсийчура шина вахархочух цхьанна – Хассун Абдесаттаран Шеман пачпорт а ду.
XS
SM
MD
LG