ТIекхочийла долу линкаш

Пхи лор а, волонтёр а вийна Пакистанехь


Дуьненаюкъарчу Могашаллин Организацин цIарах полиомиелит олучу цамгарна дуьхьал вакцинаци еш хилла 5 лор а, волонтёр а вийна муьлш бу ца хуучу наха Пакистанехь. Цунах лаьцна хаам бина Пакистанерчу Iедалша. Цара дийцарехь, байинчерах веанна герзаш диттина Синд-провинцехь Карачи-гIалахь. И бахьана долуш вакцинаци яран белхаш совцийна цигахь.

ПхиолгIа лор вийна Пешеварехь. Байинчерах 4 зуда ю. Цкъачунна иза шаьш дина аьлла, гучуваьлла стаг вац. Амма Iедалан векалша дийцарехь, хьалхо вакцинаци еш болчу нахана кхерамаш тийсинера тIалибаша.
XS
SM
MD
LG