ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь мацалла кхайкхийна Окруашвилис


Набахтехь мацалла кхайкхийна низамца йоцу тIеман тоба кхоьллина аьлла лаьцна волчу Гуьржийчоьнан тIеман министр хиллачу Окруашвили Ираклис. Цуьнан адвокато Чабашвили Мамукас дийцарехь, цу кепара Окруашвилис гIортор йина дукха хан йоцуш парламенто тIеэцна долчу политикан тутмакхийн цIейозанна юкъа ца бахийтинчу нахана.

ХIара ду аьлла дехар ца дина Гуьржийчоьнан хиллачу тIеман министро. Окруашвили Ираклий цхьа бутт хьалха цIавеанера Гуьржийчу, шен бехк ца хилар тIечIагIдан дагахь. Амма Iедалш, дIа а лаьцна, набахте чувоьллина иза.
XS
SM
MD
LG