ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелонаш бахьана долуш адамаш делла Украинехь


Яккхий шелонаш лелхар бахьана долуш 37 стаг гIорийна Украинехь. Цунах лаьцна хаам бина цу пачхьалкхан могашаллин министралло. Беллачерах дукхаха берш чубаха хIусам йоцуш хилла болу нах мисканаш бу.

Украини Iедалша дийцарехь, кхин 200 гергга стаг кIелхьаравакхха аьтто баьлла Iедалан белхахойн. Царах 160 стаг охьавиллина ву дарбан хIусамашка. Ло а догIуш, шело эккхарна Украинехь схьайиллина ю 1500 сов адамашна гIо-накъосталла до меттигаш.
XS
SM
MD
LG