ТIекхочийла долу линкаш

Йоккха зорбан конференци дIаяьхьна Путин Владимира


Москох дуьненаюкъарчу йохка-эцаран центрехь йоккха зорбан конференци дIаяьхьна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цигахь дакъалоцуш бара эзар сов Оьрсийчура а, 200 гергга кхеча пачхьалкхашкара а журналисташ.

Оьрсийчура хаамийн гIирсаш дийцарехь, дукхах долу журналисташа делла долу хаттарш доьзна дара социалан сферица а, харжамашца а, къаьмнийн юкъаметтигашца а. Коьртачех дара Iамеркехь тIеэцначу «Магнитскийн акт» цIе йолчу низамах а, цунна Оьрсийчоьнан хиллачу реакцех а лаьцнарг.

Зорбан конференци яхъелира деа сохьтехь.
XS
SM
MD
LG