ТIекхочийла долу линкаш

Динашна юкъарчу девне йоьрзуш ю Шемара конфликт


Шемахь дIайоьдуш йолу конфликт динашна юкъарчу девне йоьрзуш ю аьлла, дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин цIарах цу махкахь адамийн бакъонаш йохор толлуш йолчу комиссин куьйгалхочо Пинейру Паулус. Цо дийцарехь, кху тIаьхьарчу масийтта баттахь хулуш долчо гойтуш ду боьдуш болчу тIеман бухехь алавиташна а, сунниташна а юкъара башхаллаш хилар.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин комиссино динчу рапорта тIехь дуьйцуш ду шина агIоно кхечу пачхьалкхашкара нах шайн могIаршка ийзош хиларх а, шуьйра дуьненаюкъара бакъонаш цигахь талхош хиларх а.
XS
SM
MD
LG