ТIекхочийла долу линкаш

Асадана тховкъело яла дагахь яц Оьрсийчоь


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар дина, шаьш дагахь дац Шеман президентана Асад Башаран я тховкъело яла а, я цу хаттарехь юкъарло лело а аьлла.

Брюсселехь хиллачу Евробарт-Оьрсийчоь саммитехь, дакъа а лаьцна, ца воьдуш волчу Лавровс журналисташка аьлла, шена хетарехь цхьа а пачхьалкх лууш яц Шема тIамаца чуяха аьлла. Цунна хетарехь, цу махкарчу конфликтехь толам баккха аьтто болуш яц цхьа а агIо.
XS
SM
MD
LG