ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь набахташкара дIахоьцуш ву кхо эзар стаг


Шуьйра амнисти ярх лаьцна долу низам тIеэцна ПIераскан сарахь Гуьржийчоьнан парламенто. Цу документаца а догIуш, 3 эзар ах эзар тутмакх маьрша воккхур волуш ву цу махкахь. Цул сов, кхин а 5 эзар стагана тоьхна йолу хенаш яцйийр йолуш ю.

ХIора стеган гIуллакх талла махкахь кхуллуш ю леррина комисси. Цуьнан декъашхоша шайн тидам къаьсттина тIебохуьйтур бу пачхьалкхан ямартло хилла аьлла а, тIеман мятежашкахь дакъалаьцна аьлла а, Оьрсийчоьнеха шпионалла лелийна аьлла а чубоьхкинчу нехан гIуллакхашна.

Иванишвили Бидзина коьртехь волчу керлачу Iедална хетарехь, цу тайпа дукхах долу гIуллакхаш политикан чулацам болуш ду. Президентан Саакашвили Михаилан партин цIарах болчу депутаташа бойкот йина ПIераскана дийнахь хиллачу кхеташонна.
XS
SM
MD
LG