ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алссам герз доьхкина Оьрсийчоьно Индина



3 миллиард долларна тΙеман кеманаш Индина дохка бартбина Оьрсийчоьнан Путин Владимира Нью-Дели-шахьарахь оршот дийнахь. Духкуш дерг ду 71 бера-кемий, 42 СУ-30 олу ракеташ туху кемий. Индин премьер-министрца Сингх Манмоханца бертан кехата буха куьг яздеш, «оцу гΙуллакхо пайда бохьу шина а пачхьалкхан бахархошна, керлачу новкъа йоккху шина а агΙонийн юкъаметтигаш», элира Путина. Иштта 1 миллард долларе кхоччуш Индера инвистицеш Оьрсийчу кхачон лерина кехаташ а хΙиттийна агΙонаша.
XS
SM
MD
LG