ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2 миллион шо ду Кавказехь адамаш деха



Оьрсийчоьнан территори тΙехь уггаре шира адаман ларш карийна Дагестанерчу лаьмнашкахь. Ши миллион шо ду ишттачу ворхΙ лоран. Цул совнаха, цара гойту адаман хатΙ-сибат кеп-кепарчу хенашкара. 15-20 стаг цхьаьна а волуш, нах жуларахь ваьхнийла гойту хьехан хΙусамаш ю карийнарш, чохь т1улган дагарш а, уьрсаш а долуш. Археолога Амирханов Хизрис тоьшалла до, адамийн хиллачу Ιойлашкахь жирафан а, пийлан а, антилопан а, гиенан а даьΙашкаш карайо бохуш.
XS
SM
MD
LG