ТIекхочийла долу линкаш

ТIалибанах ю Ιаьмеркан инструктор йийнарг



ОвхΙанистанан чоьхьарчу гΙуллакхийн министран пресс-секретара Сидини Сиддикъа хаам бина, оршот дийнахь Кабулехь меттигера полисхой Ιамош хилла Ιаьмеркан инструктор йийнарг схьакарийна, аьлла. Иза министраллехь болх беш йолу сержант-зуда ю. Иттех шо хьалха, харц кехаташ а кечдина, ГΙажарийчуьра Кабуле яха еъна хилла и Наргис цΙе йолу деа беран нана. Хьостано бахарехь, цуьнца цхьаьна лаьцна цуьнан цΙийнда а.
XS
SM
MD
LG