ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Референдумах ца теша Мисарара оппозици



Керла конституци тΙечΙагΙъеш мукъаденошкахь хиллачу референдуман жамΙаш официалехь Ιорадахаре сатуьйсура шинарийн дийнахь Шемарчу бахархоша. Амма иза данза дара де доьрзучу сохьташкахь а. Президентехьа Мурси Мохьаммадехьа йолчу «Бусулба Вежарий» партино 64 процент харжамхой бу бохура конституцигахьа. Амма иза харц до оппозицино.

Кху деношкахь референдумехь харцонаш лелла аьлла кхаьчна аьрзнаш луьстуш бара кхелахой. Керлачу конституцино дΙахадайо бахархойн, ша аьлча, зударийн бакъонаш, динна сов бакъонаш дΙало, аьлла хета оппозицина.
XS
SM
MD
LG