ТIекхочийла долу линкаш

Къовсаме конституци



Дахначу кΙирандийнахь референдумехь халкъо къобал йина лору керла конституци тΙечΙагΙъеш низам арадаьккхина кхаарий дийнахь Мисаран президента Мурси Мухьаммада. Официало тоьшалла до, 63 процент бахархой хилла конституцигахьа, бохуш, амма къера ду Ιедал мисархойх кхозлагΙа дакъа а ара ца даьлла референдуме, бохуш, оппозицино далхочунна.

Оцу юкъанна Мурсис мехкан кхеташоне шеггара чΙагΙвина 90 мисархо. Оцу наха кечдийр ду парламент хоржу низам. Референдум иштта йирзинехь а, оппозици реза яц конституцино дуккха а бкъонаш нахера дΙаяьхна хиларца. И бахьанехь хьал гΙоьртина лаьтта пачхьалкхехь хΙинца а.
XS
SM
MD
LG