ТIекхочийла долу линкаш

Чергазашна-м бу шайн нехан бала...



ТΙемашкахь ехачу Шемара шайн дай баьхначу Кавказе юхавеана кхушара ах эзар чергази. Царех 350 стаг сецна Адыгеяхь, бисинарш дΙасабахана ГIебарта- Балкхаройчу а, Кхарачой-Чергазийчу а.

И хаам бира кхаарий дийнахь Адыгеян кхечу пачхьалкхашкахь бехачу махкахошца зΙе латторан комиссин куьйгалхочо Шхалахов Аскера. Цо бахарехь, ханна хΙусам а, социалан гΙо а кхачадо царна Ιедалша. Амма иза тоаме дацаре терра, бухарчу бахархоша шаьш до мухIажиршна накъосталла.
XS
SM
MD
LG