ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Текхаш ю Теркйистера меттигаш



Теркйистехь Горагорск, Калаус, царна гонахара массех юьрт а кΙира ду хи доцуш еха. Бахьана - латта текхча биргΙанаш йохар ду. 16 чаккхарма бу меттахΙоттон езачу биргΙанийн барам. ТΙакхарш кхушара хилла иштта оцу ярташкарчу нехан цΙеношна а.

Масала, Горагорскехь дуккха а нехан хΙусамийн пенаш этΙна. Ιедалан хьостанаша хаам бо, хи меттахΙттош ду, бохуш. Говзанчаша чΙагΙдарехь, Теркйист латта такхарца билгалйолу цигахь ца хеддаш мехкдаьтта доккхуш хиларна а, и доккху меттигаш, гΙуллакх чекхдаьлча, Роснефт-кампанино, Ιаламца оьшшу белхаш ца беш, тесна юьтуш хиларна а.
XS
SM
MD
LG