ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вуй нохчашна юкъахь Джастин Бибер я «Цхьа-фунт-механ-чIеран-стаг»?


Британи -- пакистанхо Мухьаммад ШахIи Назир чIерий духкуш ву йиш локхуш, youtube тIера видео
Британи -- пакистанхо Мухьаммад ШахIи Назир чIерий духкуш ву йиш локхуш, youtube тIера видео

Интернетах пайда эцар мел гена даьлла аьлчи, йиш локхуш яьккхина еккъа цхьа видеокийсак хIоттийча а, миллионашкахь, ур-атталла миллиард а сов нах хьажар бахьанехь, дагахь доцчу кепара гIараволу стаг. Интернето бинчу аьттонах болх-некъ карабо, кхечу агIора цкъа а хир боцчу кепара. Ткъа вуй Кавказехь а, Нохчийчохь а интернето гIараваьккхина стагга а.

1,068,675,765 стаг хьаьжна таханлерчу дийне кхаччалц Къилб Корейра жимчу стеган Gangnam Style цIарца youtube тIе яьккхинчу хIокху клипе.



Британин коьртачу Лондон гIалин базарахь чIерий духкуш, и эца нах тIекхайкха панджаби йиш лакха волалуш пакистанхочунна Мухьаммад ШахIи Назирна гIенах а дага ца теснера цкъа цхьана дийнахь ша оццул гIаравер ву.



Youtube сайтана тIеяьккхинчу видеога хIинцале 4 миллион гергга хьаьжна. Цуьнан йиш хазахетачу наха «Цхьа-фунт-механ-чIеран-стаг» аьлла цIе тиллина цунна. Цхьана фунтах дIало цо цхьа чIара.

Шена тIе тидам озо хууш волчу Назира керстадира Британера Iедалш ша махкара араваьккхина боху къамелаш. Мелхуо а, аьлла цо, деа беран да шоу кечъеш ву.

Ворнер Мьюзик видеоно Назирца яьккхина видео хIокху беттан 10-чу дийнахь арахецна яра. Цуьнга хIинцале хьаьжна 8.2 сов стаг.



Цхьаьнакхеттачу Пачхьаллин официала эшарин рейтингехь 29-чу меттехь ю хIинца и йиш.
Назиран доьзал а, иза схьаваьлла Паттоки гIала а йоккхаееш ю цунах а, иза цIеххьана гIараваларх а.

Британе бизнесан дешар Iамо воьду аьлла вахана шен цIийнда улле даьхна кIезиг бедарш йоьхна зудабераш долуш, хелхаваларх хIумма а ца хета шена аьлла, цуьнан деа берана дола дечу хIусамнанас Кашифас.

Google корпорацино теллина шен долара керланийн сервис. Оцу талламийн хьесапехь, цхьана бIе шарахь гIараваларан гIиллакхаш кхин хийца ца делла. Церан талламаш 1895–2010 шерашна юкъахь бара. Интернетах цхьа сиха аьтто беш болу гIирс ца хилла боху корпорацин аналисташа. Шерачу меттехь цхьа а ца хуьлу тIех чIогIа вевзаш, мелхуо а, бевзаш берш а гIарабоху. Иза тIечIагIдеш, кIирнах я баттахь лакхарчу могIарехь лаьттина стаг, юха оцу могIарера генна охьаволу.

Амма оцу дIахьедарна нийсса бIостанехьа ду ала мегар ду тIаккха йишлакхархочо Джастин Бибера динарг. ГIараваьлла ца Iаш, оцу лаккхарчу могIарехь иза хIинца а ву.

Иштта, интернетехь гIарабовлу юург кеч а еш, иза гойтуш яьккхина видео интернете йохуш берш. Са йоккху, подар-басар хьакха Iамош болчара а. Цаьрга дукха мел хьовсу а уьш яьхначарна пайдехь ду. ХIунда аьлча реклама ечара царна ахча ло.

Цкъачунна youtube тIехь яц кавказхо я Нохчийчура цхьаммо яьккхина оццул шена тIе тидам озийна видео. Дукха хьолахь хелхабовлуш я цхьаннен ловзарехь яьккхина видео хуьлу. Ишта хуьлу, эшаршлакхархойн видеокийсакаш. Амма цаьрга хьажаран терахь бIеннашкахь я эзарнашкахь хуьлу. ХIинца а ца ваьлла нохчийн Джастин я цхьа «фунт мах болчу чIеран стаг».
XS
SM
MD
LG