ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша-шена йиттинчу шайтΙано санна...



Оьрсийчуьра бобераш Ιаьмеркахошна долаэца доьхку низам тΙечΙагΙдина президента Путин Владимира. Вашингтонехь арахецначу «Магнитскийн актна» духьал арадаьккхина ду и низам. «Магнитскийн акто» доьхку адамийн бакъонаш талхочу оьрсашна Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка лела а, цигарчу банкашка ахчанаш дахка а. Магнитский Сергей Ιедалша набахтехь валлочу муьрехь шайн шогаллица вийна ларалуш ву.

Ткъа Оьрсийчоьнан парламенто а, президента а даьккхинчу боберех долчу низамо, дуккхаъчу говзанчашна а, нахана а хетарехь, уггаре хьалха зе дохьу шена Оьрсийчоьнна. ХΙунда аьлча, Ιаьмерка кхаба дуьгу бераш массо а дара заΙап, Оьрсийчохь ца бовлура уьш тΙекъадеш доьзалш. Берех долу и низам болх беш хир ду тΙекхочучу шеран юьххьехь дуьйна.
XS
SM
MD
LG