ТIекхочийла долу линкаш

«Магнитский цхьаммо а ца вийна»



Москохарчу кхело бехказа ваьккхина 2009-чу шарахь юрист Магнитский Сергей валарна бехке хилар зуьйш лебечу нахах ша цхьаъ бен бехке лоруш хилла а воцу набахтин лор Кратов Дмитрий. Гепатит, диабет, деган а лазарш долчу Магнитскийна лоьралла цадарна иза бехке хилар тΙечΙагΙдан тоьшаллаш ца карийна аьлла бу кхелан сацам. Ткъа оьрсийн бакъоларъярхой бисина шайн ойланца – цара набахтин хьаькамаш а, цигара лоьраш а бо бехке.
XS
SM
MD
LG