ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сакашвилин вето



Гуьржийн набахтешкара 3000 тутмакх мукъаваккха мехкан парламенто бинчу сацамна дуьхьал вето арахецна президента Саакашвили Михаила. Цо еарий дийнахь, беламе а доккхуш, хьахийра парламенто набахтешкахь кхобучу 200 стагах политикан диссидент ларар. Иза депутатша а, керлачу Ιедалша а махкахь хΙоттош шатайпа диктатура ю, элира Саакашвилис.

ХΙинца президентан вето юхадаккха парламентана оьшу шен декъашхойх 89 стеган аз. Уьш, эксперташна хетарехь, Ιедале еъначу «Гуьржийн сатийсам» коалицига гулдала тарлучух тера ду парламентерчу ницкъийн сурт.
XS
SM
MD
LG