ТIекхочийла долу линкаш

БрахΙими: Асада дарж охьадилла деза



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министрна Лавров Сергейна хетарехь, Шемара тΙеман кризис ерзо некъаш болуш бу хΙинца а. И элира Кремлан дипломатин коьртачу векала Москох веъначу дуьнено Шемара хьал тедан хьалхаваьккхинчу БрахΙими Лахьдаре. Цо шен къамелехь емалдира Шемара Ιедалан деца Асад Башарца гΙаттамхой барт бийца охьаховша реза цахилар.

Москох веъначу БрахΙимин лехамехь дара, Шемин президент Асад юьстах а теттига, ханна керла Ιедал къасторна Оьрсийчоь резаяр. Де хьалха дарж дитар бегΙийлехь дуйла БрахΙимис дΙакъадийра шега Асад Башаре а. Амма хууш дац, хΙун жоп вукхо.
XS
SM
MD
LG