ТIекхочийла долу линкаш

Цхьайолчу пачхьалкхашка хIинцале керла 2013-гIа шо деана


Керстмас ГIайренна тIерачу Кирибатера бахархоша а, хьешаша а, Тийначу ХIурдан кIоштарчу Самоахь а Соьлж-гIаларчу хенаца дийнахь сахьт даьлча даздира керла шо.

Гуттар а санна, стигала бес-бесара цIераш кхуьсуш, Австралера Сиднерачу портехь а билгалдаьккхира керла шо.

Китайрачу Пекинехь а, Дубайрачу Бурж Халифа гIишлонна тIехь а, Москохарчу ЦIечу майданахь а, Нью-Йоркерчу Таймс Скверехь а яккхий экранаш хIиттийна. Цу тIехь гур ду Керла шо тIе маца кхочу. ХIокху тIаьхьарчу иттех шарахь дуьххьара Бирмехь а, Мьянма а олу цунах, мехкан коьртачу Рангун гIалахь хир долчу самукъане даздаршка нах кхайкхина.
XS
SM
MD
LG