ТIекхочийла долу линкаш

"Финансийн бохамах" пачхьалкх кIелхьарайоккхун болу сацам бан дукха хан ца йисна Iамеркан конгрессменашна


ХIокху карарчу 2012-чу шеран тIаьххьарчу дийнахь Iамеркан конгрессменаш коьрта сацам бан безаш бу «финансийн бохам» ца хилийта. Iедална луш йолу лакхаялар а, пачхьалкхан харжаш лахъялар а цхьатерра нисдала тарлуш хьал ду иза. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь рецесси йолон там бу цо.

КIиран дийнахь Iамеркан Конгрессан шина а хIусамехь дIадаьхьначу дагадовларшкахь демократахошка а, республиканхошка а барт ца бабелира. Президенто Барак Обамас хьал долчу Iамеркахоша луш йолчу йолан барам алсамбаккха аьлла, кховдийначу ойлано дар-дацарш кхоьллинера. Обамас варе динера, нагахь санна цу хаттрехь барт ца карабахь, экономикина боккъалла а боккха тIеIаткъам хир бу, аьлла.

Керлачу 2013-чу шеран хьалхарчу дийнахь чекхбовлуш бу, хьалха хиллачу президента Буш Джорджа бехачу нахана ял яларехь юкъабаьхна аьттонаш. Иштта, дуьхьлонна еш йолу харжаш а, социалан программица йоьзна харжаш а лахъйийр ю, юккъерчу барамехь 600 миллиард доллар барамехь.
XS
SM
MD
LG