ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо радионан ладогIархой: Даханчу шарна жамI, тIедогIучу шарца сатийсамаш


Нохчийчоь -- Соьлжа хи тlехула тесначу тlайн чиркхашца кечдина Керлачу шарна, Соьлж-гlала, 26Гlу2012
Нохчийчоь -- Соьлжа хи тlехула тесначу тlайн чиркхашца кечдина Керлачу шарна, Соьлж-гlала, 26Гlу2012

Тахана тIаьххьара де ду чекхдолучу 2012-чу шеран. ХIора шерца санна, цуьнца доьзна а цхьа маьIне хIума дуьсур ду Нохчийчохь а, арахьа а бехачу вайнехан дегнашкахь.

Тахана тIаьххьара де ду чекхдолучу 2012-чу шеран.
ХIора шерца санна, цуьнца доьзна а цхьа маьIне хIума дуьсур ду Нохчийчохь а, арахьа а бехачу вайнехан дегнашкахь.

Страсбургера адамийн бакъонийн кхело эххар а цкъа мацах чубелла латкъам а къастийна, дуьненах юха а теша буьйлабелла, Оьрсийчохь цхьана кепара нийсо ца карийна иттаннаш нохчийн доьзалш. Луьра ТIемаш боьлхучу хенахь, шайн чуьра дIа буьгуш а, харцонца ехха хенаш йиттинчарх цхьаберш цIабирзина кхушара. Царах цхьаъ яра 8 шой ах шой Мордоверчу набахтехь даьккхина йолу Муртазалиева Зараъ.

ДIадаханчу шарахь Маршо радио оцу массо хиламех лаьцна дийцира. Кхушарлера тIаьхьарчу денна лерина кечъйина программа оха муха кечъйира аьлча, вайн эфирехь хезначунна а, вебсайтана тIехь ешначунна а комментареш еш, жигара хиллачу ладогIархошца къамел деш, йина. Маситтанца зIене а девлла, оха къамеле бехира уьш.

Даханчу шарахь хьан сатийсамех хIун кхочуш хилира? – аьлла дуьххьара тхан къамел хилира Францера Халидца.


Урдун махкара ву Диаб. Шен керлачу шарца боьзна сатийсамаш а бовзуьйтуьш, тIедогIучу шарахь Маршо радион эфирехь стенах лаьцна алссам хаза лаара а дуьйцуш, къамел дира цо.


Багалова Зулай нохчийн актриса ю. Дукхах бочларна иза дагайогIу Хамидов Iабдуллин «Бож-Iела» спектаклехь цо лаьцначу декъаца. Бож-Iелин хIусамнана яра иза оцу спектаклехь. Карарчу хенахь иза Соьлж-гIалахь ехаш ю.

Маршо радионо телефон тоьхча иза Мамакаев Iаьрбин исбаьхьалла каралайоккхуш, иза йоьшуш яра, цхьана радиопрограммина кечам беш. Нийсса керлачу шарца йоьзначу цо дитинчу йозин агIонна тIехь яра иза.

Багалова Зулайн сатийсамаш шен берашца боьзна бу, ехаачу хенахь церан ца хуьлчу аьттонна сагатдарца.


Маршо радионо шен гIиллакх кху шара а ца хийцира. Дахана шо доьрзучу дийнахь оха гуттар а хозуьйту нохчийн композитор Димаев Iела. ТIедогIучу керлачу шарахь цуьнан юбилей ю, 60 шо кхочуш. Кхушара ша диначух лаьцна иштта дийцира цо.


Хьоме Маршо радион ладогIархой, оха шун декъала до тIедогIучу керлачу шарца. Дала керла шо ирсе, токхе, шу могуш-маьрша долуш догIийла!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG