ТIекхочийла долу линкаш

Кхарт цамгарх 306 бер делла 2012 шарахь Пакистанехь


Дуьненаюкъарчу Могушаллин Организацино бахарехь, даханчу шарахь кхарт цамгар а кхетта, 306 бер делла Пакистанехь. Организацино бахьана ца далийра цу цамгарх лечу берийн терахь алсамдаларан.

Амма СиндхI провинцера лоьраша бечу хаамца, къелла хьоьгучу доьзалшкахь вакцинаци ца йойту берашна. Дукхах болчу пакистанхой тешна бу, вакцинаци йо а бохуш, бусулба нехан бераш ца хилийта хIума лелош хиларх.
XS
SM
MD
LG