ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Финансийн бохамца» йоьзна ситуаци юхатухуш долу низам Обама Бараке хьажийна куьг таIон


Iамеркан Конгрессо хьастагIа къобалдина «Финансийн бохамца» йоьзна ситуаци юхатухуш долу низам хIинца куьг таIо хьажийна президенте Обама Бараке.

Конгрессан векалша къобалдинчу документо яхъйина, дукхах болчу Iамеркахошна ял яларна тIехь аьтто бар. Шина баттана тIаьхьатеттина бюджетана экономи ярца йоьзна, хьалхо билгалъяьккхина хилла план.

Оцу плано а, карарчу беттан хьалхарчу дийнахь ял яларна тIехь аьттонаш бен хан чекхяларо а «Финансийн бохам» эккхийтарна кхерам бара. Экономистийн хьесапехь, Iамеркана бина ца Iаш, дерриг дуьненна а тIеIаткъам бийр бара цу хьоло.
Оршот дийнахь бинчу бартаца а догIуш, шарахь 400 эзар долларал лахара ахча доккхучу Iамеркахойн ял лакхайоккхур яц. И терахь 250 эзарна тIедалон гIерташ бара демократаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG