ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лечу тIе йоккхуш йоI хьийзийначу ялх стагехьа къийса реза бац Индера адвокаташ


Индера адвокаташ дуьхьал бевлла Делихь 23 шо долу йоI къиза хьийзорна бехке вечу ялх стагехьа кхелехь къовса. Шена хиллачу чевнех и йоI даханчу кIирнахь даяьлла Сингапурерчу дарбан цIийнахь.

Кхелехь хьесапе эцна ши эзар ах эзар адвокаташ бу уьш. Еарин дийнахь кхелан ладогIарш ду цу гIуллакхехь дуьйладала дезаш.
«Цу ницкъабархошкахьа къийсар оьзда ца хета тхуна», аьлла суьдхойх цхьаммо.

Юристийн сацамо Индин Iедале къастабойтур ву цу ялханна адвокаташ.
Сел къиза зудаберана динчу тIелатаро холчу хIоттийна дерриг къам. Бехкебечарна байа кхел йоьху царна юкъаралло.

Лаьцначех пхиъ бехке веш ву стаг лачкъорна, хьийзорна, верна а. Схьагарехь, Талламо царна байа кхел йоьхур ю. Кхеле озийна ялхолгIачуьнан 18 шо дац. Цунна 17 шо кхайкхон там бу набатехь даккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG