ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанехь вийна экстремистийн лидерх цхьаъ волу Мулла Назир


Пакистанехь вийна экстремистийн лаккхарчех волу лидер Мулла Назир, аьлла хаам бина меттигерчу къайлахчу сервисан белхахоша. Дийцарехь, пилот воцчу Iамеркан кеманна тIера тоьхнера ракеташ.

Пакистанан къилбаседа-малхбузехь, къилба Вазиристан олучу кIоштахь маьркIижа хан тIехъяьллачул тIаьхьа дIаяьхьнера и операци. ТIемалой дIатарбеллачехь Ангурр Адда олучу меттиге герзаш диттинера. Мулла Назир воцург вийна кхин а исс тIемало.

Экстремистийн командир бехке веш вара луларчу ОвхIан пачхьалкхехь тIемаш бечу дуьненаюкъарчу коалицин салташна динчу тIелатаршна тIехьа лаьтташ хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG