ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Financial Times - Iамеркех масала эцна Европано а тIеэца еза, оьрсийн стоьлан дайшна дуьхьал санкцеш йохучу «Магнитский актан» шен вариант


Financial Times агенталло шен редакцин артиклехь яздина, Iамеркех масала а эцна, Европано а тIеэца еза, оьрсийн стоьлан дайшна дуьхьал санкцеш йохучу «Магнитский актан» шен вариант.

Дукха хан йоццуш, цунна жоп луш Путина куьг таIийначу низамах лаьцна дуьйцуш, ур-атталла хIинцалерчу оьрсийн стандарташца а «ирча» ю Москохан реакци.

Ма-дарра аьлча, цу низамо эшам берш дерш уггар хьалха оьрсийн буобераш ду.
Журналистийн хьесапехь, Магнитский валарна бехке лоруш болчу оьрсийн Iедалан гIуллакххошна Iамерке бахка дехкарца а, церан арахьарчу банкашкахь долу ахчанаш гIорорца а доьзна, Iамерко къобалдинчу низамо боккъалла а Iаткъам бийр бу.

«Изза гIулч Европано а яьккхича, цхьаьнакхеттачу Европано гойтур дара, ша кхин дIа а кийча ю шен дIахIоттамехь мехала долу хIума лардан а, Iалашдан», - боху артиклехь.
XS
SM
MD
LG