ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полиомиелитана дуьхьала вакцина карлаяьккхина Пакистанехь


Леринчу кхерамазаллин хьелашкахь полио-мие-литана дуьхьала вакцинаци кхин дIа а дIахьуш ю Пакистанехь. Иза юкъахъяьккхинера, баханчу баттахь мехий деттачу лоьрашна цхьа моггIа тIелатарш дича.

Маршо радион Машаал сервисо бечу хаамца, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино гIортор еш йолу вакцинацин программа Чарсадда кIоштIехь дIахьуш ю.
Официала Iедалша дийцарехь, лоьрашна тIехIиттийна гIаролхой бу. Пакистан а, ОвхIан пачхьалкх а, Нигери а ю хIокху дуьнентIехь полио-мие-лит цамгар дукха яьржачех йолу пачхьалкхаш.
XS
SM
MD
LG