ТIекхочийла долу линкаш

Депардье Жераран оьрсийн паспорт цуьнга хьоьжуш ду


Францера актерана Депардье Жерарана оьрсийн паспорт дала бакъо лучу омарна кIел куьг таIийна оьрсийн президента Путин Владимира.
Кремлан сайто бечу хаамца, махкалла доьхуш чуделлачу дехарна дуьхьала делла жоп ду иза.

Францерчу президентан Олланд Франсуан ял яккхаран реформина ша реза ца хилар хоуьйтуш, кхечу пачхьалкхе дIагIур ву ша аьллера Депардьес.
Шарахь миллион еврол сов ахча тIедогIучаргара 75% ял яккхарца йоьзна ойла ю иза французхойн керлачу президентан.
XS
SM
MD
LG