ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асада дIаьвше герз леладахь хIун дан деза?


Оьрсийчоь -- арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей (Аьт), Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин-Iаьрбийн Лигин векал-юкъархо БрахIими Лахдар (Аьр) Москох цхьаний еллачу зорбан конференцехь, 29ГIу2012
Оьрсийчоь -- арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей (Аьт), Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин-Iаьрбийн Лигин векал-юкъархо БрахIими Лахдар (Аьр) Москох цхьаний еллачу зорбан конференцехь, 29ГIу2012

Шеман пачхьалкхан лаккхара дарж шега дIадолуш хиларх ша тешначул тIаьхьа, президента Башар Асада дIавьше герз лелорна саготта ю дуьненаюкъаралла. Къаьсттина, Шеман лулара пачхьалкхаш. Хьал цу тIе далахь дан дезачунна тIехь ойла еш бу Шеман гонахарчу пачхьалкхийн лидерш.

Шемаран махкара наха президент Асад Башар даржера воха а вина, Iедал хийца гIерташ болу ши шо хуьлуш лаьтта. ГIаттамхойн Шеман маьрша эскар олу эскар, денна бохург санна, махкан массо маьIIехь толамаш бохуш дIаоьхуш ду.

ХIокху тIехьарлерачу масех баттахь коьрта-гIала Димашкъан массо куьпехул чугIерташ тIеман тийсдалараш дIахьуш ду марша эскар Асадан эскаран духьал. Цу бахьнехь, Асад Башар шайна а, шайн доьзалан Къилба Iамеркера Винесуэла олу махкахь тхокIело лоьхуш цига шайн нах оьхуьйтуш ву.

Ткъа тергамхой, иза шайн Iедал дохарах тешна хиларна цхьа билгало ю аьлла хеташ бу. Цу бахьанехь, Асад химин дIаьвше герз дIасахьедан волавеллачух тера ду.

Асада и герз леладахь, гонахара мехкашна зен ца хуьлуш дуьсур доцун дела, ГIура-беттан 26-чу дийнахь Израилин коьрта министр НатаняхIо Бинямина а, Урдунан паччахь Абдалла шолгIачо а къайлах кхеташо йира Iамман гIалахь, Асада дIовше герз леладахь, цу герзан зенех шай-шайн мехкаш муха Iалаш бан беза аьлла планаш яхкархьамма.

Оьрсийн арахьарчу министро, Лавров Сергес дIахьедар дира, "Шемарчу дIаьвше гергзан ларма тешамечохь Iалаш деш ду" аьлла. И бохург, Оьрсийн эскаран карахь ду бохург ду, аьлла хета бу тергамхошна.

Таханалерчу дийнахь, гIаттамхойн эскар коьрта-гIала, Димашкъ яккха дукха герга кхаьчнехь, царца тIом беш арар чуихна кхин тобанаш ю. гIайгIа бан дезарг, Шемара Iедал доьхна дIадаьлча, цу чу ихна тIемалойн тобанаш шайна ма-хетта низам хIотто гIерташ хира болу гIурт бу, къаьсттина Ал-КъаIида тIемалой Iийра бац Бусулбан шарI Iедал хIоттадан гIерташ бен, ткъа иза къамел доцуш кхин цхьа тIом бу марша эскаран а цу тIемлошна юкъахь.

И хилам, Ал-КъаIидас тIом бин-бинчохь хилла бу. Делахь, хIокху гийзагехь, Ал-КъаIидан ша муха лела еза аьлла дикка хIума Iамчух тера ду. Ал-КъаIидас а, церан идеологехь мел йолу тобанаш хIун дан тарло аьлла, Лондонехь, ВВС-хь болх беш волу аналист Шишани Мурадега хаьттира ас, Шишанис шайна хетарг иштта дуьйцу:

Шишани: КъаIидах таса елла, КъаIидах терра шайн тIом дIакхоьхуш болу нах, «ДжабхIат Ал-Нусра» ю. ЖдабхIат Ал-Нусра, Кхул хьалха КъаIидас дина гIалаташх Iама болабелла. Уггар доккха гIалат дара церан, Iиракъехь хилларг я АвхIанехь хилларг, Меттигерчу марша нахац хьосо дика ца хилара. ХIинца, Шемахь цу хьокъехь чIогIа бух хIоттош бу уьш. И бух хIоттина цара, Дуккху наха церан идеологи тIелоцуш, царгхьа дукха нах хира бу аьлла хета суна хIокху мурехь. Асад Iедал доьхна, иза герг кхаьчна аьлла хета суна, жихIадеш эр ду,- Шаьш дика дакъ лаьцна хIокху тIамехь. Шайна а бух хила беза, политикан юкъахь дош хила деза шайн, аьлла кхайкхор ду моьтту суна. Гергарчу хене хьажча, марша эскарца дика хьосо хира ду церан. Амма, Хенан йохалла, цхьа шо даьлча, тIомеш хила мега царшинан юкъахь, хIунда цершинан идеологи цхьа терра йоцу дела.

Маршо радио: Цкъачунна, уггар кхераме дерг Шемарчу Iедало дIовше герз леладар ду. Иза леладахь, Урдунан эскар юкъ ца гIерташ Iийра дац. Вуьшта, Израилан эскар-м и герз Либнанерчу ХьизбуллахI тобанан кара кхача мега аьлла шайна хетахь, цхьана дега ца хоьттуш тIом болор долуш ду.
XS
SM
MD
LG