ТIекхочийла долу линкаш

Юсафзай Малала араялийтина Бирмингемерчу дарбан цIийнара


ТIалибаша герз а тоьзна лазийна хилла, Пакистанера 15 шо долу йоI Юсафзай Малала араялийтина Бирмингемерчу дарбан цIийнара. Кхин дIа долу дарба цIахь лелор ду. Цкъачунна, Малала Британехь юьсур ю.

ХьастагIа, Пакистанан Iедало бинчу сацамца, цуьнан дас Зиявдис дипломатан болх бийр бу. Ингалс махкарчу Бирмингемехь Пакистанан Iедалан векал хир ву иза дешаран хаттарш къастош.

Даханчу шеран ГIадужу баттахь герзах чов хилла йолу Малала Бирмингера цхьана дарбан цIийнахь ю. Зудаберашка дешийтарехьа дIахьедарш дарца евзаш йолу жигархо ю иза.
XS
SM
MD
LG