ТIекхочийла долу линкаш

Венесуэлин президентан Хьюго Чавесан «чолхе пехийн инфекци» ю


Вуочу цамгаран шад дIабоккхуш баханчу ГIуран беттан 11-чу дийнахь рогIера операци йинчу Венесуэлин президентан Хьюго Чавесан «чолхе пехийн инфекци» а ю.

И аьлла хьастагIа хаам бира Венесуэлин Iедалан хаамийн министр волчу Вильегас Эрнестос. Цо бахарехь, пехийн цамгар бахьанехь садеIарца хало хьоьгуш ву Чавес. Цул сов даьккхина хIумма ца элира Iедалан векало, президенто леррина раж ларъян еза алар бен.

Венесуэлин президентан гоно арахьара хаамийн гIирсаш бехке бо, цара доцург а дуьйцуш, «синIаткъаман тIом болийна», Венесуэлера хьал меттахъдаккха Iалашонца, бохуш.

Операци йичхьана дуьйна нахана юкъаваьлла вац Чавес Хьюго.
Иза юха а президентан дарже воккхуш дIахьун йолчу инаугурацехь дакъа цIавалур ву-вац, хууш дац.
XS
SM
MD
LG