ТIекхочийла долу линкаш

Саакашвили Михаиле шегара дарж охьадиллар доьху Гуьржийчохь


Тбилисехь а, гуьржийн кхечу гIаланашкахь а анкцеш хилира цу мехкан президенте Саакашвили Михаиле шегара дарж охьадиллар доьхьуш.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, и акцеш вовшахтоьхнера масех юкъараллин организацино. Царах цхьаннан лидеро Андгуладзе Михаила бахарехь, церан а, кхечу а организацин векалша Гуьржийчоьнан тайп-тайпанчу кIошташкахь 8 бIе эзар куьг гулдина Саакашвилина дуьхьал.

Таханлера акцеш «варе даран маьIна» долуш яра аьлла Андгуладзес. Нагахь санна Саакашвили оцу даржера дIаваха дуьхьал валахь, акцеш юх-юха а, кхин шуьйра а хир ю.
XS
SM
MD
LG