ТIекхочийла долу линкаш

Сербин президент Николич Томислав Косово ца вуьту Приштино


Ортодоксан керстанаша Iиса Пайхамар вина де билгалдоккхучу Дечкен беттан 7-чу дийнахь шайн махкахь меттигера сербаш болчу вахар дихкина Сербин президентана Николич Томиславана Косовн Iедалша.

Express олучу приштинан газето яздина Косован премьер-министран Кучи Хайреддинан дешнашна тIе а тевжаш, «Николичана бакъо лур ю, нагахь, Белградо Приштинера делегаци Къилба Сербе йохуьйтур елахь.» Цу кIоштахь бехаш берш, дукха хьолахь, албанхой бу.

Юлианан календарца Дечкен беттан 7-чу дийнахь билгалдоккху Оьрсийчура килсано санна, Сербин ортодоксан килсано а, Iиса Пайхмар вина де.
XS
SM
MD
LG