ТIекхочийла долу линкаш

Мадуро Николас: Инаугурцехь хир вац, амма президентан декхарш дIакхоьхьур ду Чавес Хьюгос


Венесуэлин вице-президенто Мадуро Николаса бахарехь, Чавез Хьюгос дIакхоьхьур ду президентан декхарш, хIокху беттан 10-чу дийнахь хила езачу ианугурацехь цуьнга дакъа лацалур дацахь а. Мадурос аьлла, конституцино бакъо ло могуш воцчу президентана шен белхан декхарш дIакхехьа. ТIаьхьуо иза официала дарже воккхур ву Лаккхарчу Кхелехь.

Мадурос юхатуьйхира оппозицно, конституцино ма-боххура, Дечкен беттан 10-чу дийнахь дарж караоьцучу церемонехь президент дакъа лацалуш вацахь, иза могуш воцчу юкъанна Къоман Ассамблейно дIакхехьа деза мехкан урхалла боху ойла.

Вуочу цамгаран шад дIабоккхуш баханчу ГIуран беттан 11-чу дийнахь рогIера операци йинчу Венесуэлин президентан Хьюго Чавесан «чолхе пехийн инфекци» а ю. Операци йичхьана дуьйна нахана юкъаваьлла вац Чавес Хьюго.
XS
SM
MD
LG