ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхеа зуламхочун тIехь кхел йолийна Делехь


Индин коьртачу гIалахь Делехь кхел йолийна 23 шо долу йоI хьийзийна волчу пхеа стаганна тIехь. Царна бехке диллинарг ду цхьамогIа зулам дар, шайна юкъахь адам лачкъор а, иза хьийзор а, адам дер а долуш.

Цу наха тIелатар динера лоьрийн дешар доьшучу дешархочунна баханчу беттан 16-чу дийнахь. Кхин а ши кIира даьлча иза кхелхира Сингапурерчу цхьана дарбанан цIийнехь. Цу тайпа къиза йоI еро эргIад бахийтинера Индера бахархой.

Эзарнаш наха дакъа а лоцуш, дуьхьалонан акциш дIаяьхьира Индехь зуламхошна таIзар дар доьхуш а, зударий ларбар доьхуш а.
XS
SM
MD
LG