ТIекхочийла долу линкаш

Саакашвилина гIортор еш бу меттигера патриоташ


Гуьржийчоьнан президентана Саакашвили Михаилана гIортор еш куьйгаш гулдан буьйлабелла «Патриоташ» цIе йолчу гуьржийн боламан декъашхой. Царна хетарехь, 2013-чу шеран ГIадужу-бутт тIекхаччалц бакъонца хаьржина волчу президенте дарж охьадилла бахар догIуш дац мехкан конституцица.

Хьалхо цхьамогIа Iедалех йоьзна йоцучу организацеша 835 эзар куьг гулдинера Саакашвили Михаиле президентан дарж охьадилла бохуш. Кху беттан 20-чу дийнахь дуьйна акциш йоло дагахь бу уьш, Саакашвили дIаваллалц. Саакашвили Михаилан дуьхьалончашна хетарехь, кху шеран ГIадужу-бутт тIекхаччалц иза даржехь висахь, цу даржехь пхеа шарал а сав а Iийна цо йохор ю мехкан конституци.
XS
SM
MD
LG