ТIекхочийла долу линкаш

Шийтта курдийн гIаттамхо вийна Туркойчоьнан къилба-малхбалехь


12 курдийн къомах волу гIаттамхо вийна Туркойчоьнан къилба-малхбалехь хиллачу тIематасадаларехь. Туркойн TRT олучу телеканало бинчу хаамца, тахана Iуьйранна гIаттамхойн тоба гIоьртинера Иракъан дозанца йолу эскархойн постана тIелатар дан. Туркойн эскархошна юкъахь вийна а, лазийна а стаг вац.

И тасадалар хилла, туркойн Iедалш велла дIаваллалц аьлла, хан а тоьхна, чувоьллина волчу Курдийн белхан партин куьйгалхочуьнца Оджалан Iабдуллица дагадовларш дIахьуш а долуш. Цу дагадовларийн Iалашо ю, эзарнаш нах а бойуш, Туркойчоьнан Iедалшна а, курдийн сепаратисташна а юкъахь 28 шарахь яхъелла йолу конфликт дIаерзор.

Туркойчоьно а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а терроран лоруш ю Курдийн белхан парти.
XS
SM
MD
LG