ТIекхочийла долу линкаш

НАТО-н эскархо вийна ОвхIанистанехь



НАТО-н Британера эскархо вийна ОвхIанистанехь Гильменд-провинцехь. Кхин а кхо салттий чевнаш хилла ву. Царна тIелатар дина ОвхIанан армин барзакъ доьхна хиллачу стага. НАТО-н эскархоша, дуьхьал герз а тоьхна, вийна иза.

ОвхIанистанан тIеман министраллан белхахочо Расул Гулума дIахьедар дина и хилам талла леррина комисси кхоьллина шаьш аьлла. Цу юкъахь бу меттигерчу Iедалан а, НАТО-н а векалш. Даханчу шарахь ОвхIанан эскархоша, тIелатарш а дина,вийна 60 гергга дуьненаюкъарчу коалицин эскархо.
XS
SM
MD
LG