ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскархочунна чевнаш йина Дагестанехь


Цхьа эскархо лазийна Дагестанехь, муьлуш бу ца хуучу наха герз а тоьхна. Иза хилла Карабудахкент коштIахь. Губден олучу эвлана уллехь хьунхахь герзаца болчу нахана тIеIиттабелла хилла эскархой.

Карарчу хенахь цу метте тIеоьзна бу полицин а, чоьхьарчу эскаран а ницкъаш. ТIелатар динарш цкъачунна карийна бац.
XS
SM
MD
LG