ТIекхочийла долу линкаш

Лайн тархаш чухьаьдда Къилбаседа ХIирийчохь


Лайн тархаш чухьаьдда Къилбаседа ХIирийчохь, «Рокский» олучу тоннелана уллехь, эскаран дакъа дIатарделлачу меттехь. И бахьана долуш, ток йоккху генератор а йоьхна, йовхо а серло а йоцуш бисина цигара эскархой.

Орцаллин министралло бинчу хаамца, вийна а, лазийна а стаг вац. Эскархой къелхьар баха аьтто баьлла.

Ши де ду Оьрсийчура Гуьржийчу боьдуш болу некъ болчу регионехь ло догIу. ТIаьхьарчу дийнахь-бусий 31-зза лайн такхарш хилла цигахь.
XS
SM
MD
LG