ТIекхочийла долу линкаш

Цхьадолчу бехкех хьалха витина Окруашвили


Гуьржийчоьнан коьртачу прокуратуро цхьамогIа бехкаш дIадаьхна гуьржийн хиллачу тIеман министрна Окруашвили Ираклина тIера. Царна юкъахь ду Окруашвилегара ледарло ялар а, иза шен даржел тIех валар а, «Джеоселл» олучу кампанин цхьа дакъа цо шен доладаккхар а.

Прокуратуран векло Мекаберидзе Теймураза дийцарехь, талламхойн аьтто ца баьлла цу хьокъехь оьшуш доьлу тоьшаллаш каро. Ткъа цхьаболчу тешаша юхаэцна шайн тоьшаллаш, шаьш уьш хьалха хиллачу Iедалша Iаткъам а бина динера аьлла.

Прокуратуран векалша дийцарехь, цара кхин дIа а толлуш ду Окруашвилина дуьхьал схьадиллина долу бехк-такхаман ши дов. Уьш доьзна ду низамехь йоцу тоба кхолларца а, бакъо а йоцуш, тIеман гIирс эцарца а.
XS
SM
MD
LG