ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркехь визит дIахьош ву Карзай


Деа денна леринчу визитца Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка вахана ОвхIанистанан президент Карзай Хьамид. Вашингтонехь иза цхьаьнакхета дагахь ву Iамеркан сенаторшца а, коьртачу талламан сервисан куьйгалхошца а. ПIераскан дийнахь Карзай Хьамида дагадовларш дIахьура ду Iамеркан президентаца Обама Баракца.

КIайн ЦIийно бинчу хаамца, Обама дагахь вац цу цхьанакхетарехь хаам бан 2014-чу шарахь Iамеркан эскарш ОвхIанистанера арадаьхначул тIаьхьа маса эскархо вьусур ву цу пачхьалкхъехь бохучух лаьцна.

Iамеркан къоман кхерамазаллехула долчу хаттаршкахула волчу хьехамчан когаметто Родс Бена дийцарехь, цара дийцаре дийра долу хаттарш доьзна ду Обамас ОвхIанистан хьокъехь гергарчу хенахь бийра болчу сацамашца.
XS
SM
MD
LG