ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индин ши эскархо вийна Кашмир-провинцин дозанехь


Индин эскаран буьйрачалло дIахьедар дина Шинарин дийнахь Пакистанан эскархоша, герз а тоьхна, шайн ши салтти вийна аьлла. Иза хилла шина пачхьалкхо къуьйсуш йолчу Кашмир-провинцехь.

Индин Iедалан векалша дийцарехь, герзаш деттар хилла Пакистанан эскархой церан территори тIе бевллачул тIаьхьа. Делина хетарехь, хилларг кIоршаме питана ду. Индин Iедалан векалша дицарехь церан шина эскархочуьнан декъий ирча даьхна хилла. Цхьана эскархочуьнан корта баьккхина пакистанхоша.

Индин арахьарчу гIуллакхийн министро Хуршид Салмана дош делла, шаьш бекъам бийр бу аьлла. Пакистанан Iедалша тIе ца дуьту шайна Делино дохкуш долу бехкаш. Кашмир-провинцехь сих-сиха хуьлу цу кепара Индин а, Пакистанан а эскархоша, вовшашна герзаш деттар.
XS
SM
MD
LG