ТIекхочийла долу линкаш

Дума дIаcахецийта 100 эзар стеган куьйгаш гулдина "Новая газето"


Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Дума хенал хьалха дIасахецар доьхуш 100 эзар сов стеган куьйгаш кулдина «Новая газето». И акци дIайолийнера цо баханчу ГIуран-беттан 24-чу дийнахь, Пачхьалкхан Думо Iамеркарчу бахархошна шайн махкара бобераш доьзалшка эцар доьхкуш низам тIеэцначул тIаьхьа.

Хьалхо президенто Путин Владимира аьллера, Думо дийцаре дан деза, интернетехь 100 эзар, я кхин а алсам наха гIортор йина дехарш аьлла. Пачхьалкхан Думан низамашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Плигин Владимира хаам бина, шайн комитето цу куьйгех лаьцна хаттар дуьйцур ду кху беттан 14-чу дийнахь аьлла.
XS
SM
MD
LG