ТIекхочийла долу линкаш

"Боберийн" низаманна дуьхьал акци вовшахтухуш ю Оьрсийчура оппозици


Оьрсийчура бобераш Iамеркахошна шайн доьзалшка эцар доьхкуш долчу низаманна дуьхьал дуьйладалар дIадахьа дагахь бу оппозицин декъашхой.

Цу юкъахь дакъалаца лууш ду шаьш аьлла, хаам бина инетрнетерчу социалан машанашкахь 15 эзар стага. 13 эзар стаг дIаязвелла «В контакте» олучу машанехь. Кхин а 2 эзар ах эзар стаг дIаязвелла Facebook-ехь.

И акци дIахьош ю, Iедалша бакъо а елла. Иза вовшахтухуш болчерах цхьаммо Рыклин Александра хаам бина, оппозицино дуьйладалар а бен кхин митинг йийра яц аьлла.
XS
SM
MD
LG