ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хенаш кхайкхийна Бурятерчу полисхошна


Бурятехь кхел йина Онохой декъан полицин кхаа белхахочун тIехь. Царна бехке диллинарг ду адамашна тIехь ницкъ бар. Кхело бинчу сацамца а догIуш, цу наха 2010-чу шарахь Стигалкъекъа баттахь, лаьцна дIа а вигина, етташ хьийзийна 20 шо долу жима стаг.

Полицин белхахоша къола дарна къера хила бохуш, коьртах хIума а йиттина цунна, дегIа тIе серий а Iуьттуш, ток а йиттина, хорам беш хIуманаш а лелийна. И къизалла лелорна цу нахана арахь яккха хенаш кхайкхийна суьдо.
XS
SM
MD
LG