ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь визит дIахьош ву Карзай


Iаьмаркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь визит дIахьош волчу ОвхIанистанан президенто Карзай Хьамида Еарин дийнахь дагадовларш дIадаьхьна Iамеркан Пачхьалкхан секретарца Клинтон ХIилларица а, Пентагонан куьйгалхочуьнца Панетта Леонца а. Карзайга вист хуьлуш Панеттас, масала, элира, Iамерка а, ОвхIанистан а йозуш йоцу ОвхIан-пачхьалкх кхоллар дIадерзош ю аьлла.

Кхерамазаллица доьзна долу хаттарш дийцаре дира Карзай Хьамида Клинтонца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь. 2014-гIа шо чекхдолуш коалицин тIеман дакъош арадохуш ду ОвхIанистанера. Вашингтон а, Кабул а сацам беш ю мел эскархой буьсур бу ОвхIанистанехь цигара кхерамазаллин ницкъаш Iамо бохучух лаьцна.
XS
SM
MD
LG